ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гайсулаев ГIапур реза вац Солнцевохь йинчу кхеланна


Ша шен къоман башхалла бахьанехь балхара вохийна лоручу журналисто Гайсулаев ГIапура кхидIа а къуьйсур ю шен бакъо Москох културан департаментца.

Хьалхо цуьнан арз листинчу Солнцево кIоштан кхело бакъ ца дира иза нохчо хиларна даржера вохийна бохург. Амма Гайсулаев тешна ву шена хетачух.

«Аппеляцин арз кийча ду. РогIехь бакъо ас къовсур ю Москох гIалин кхелехь. Кхеташ ду, Солнцевон кхелаца со реза вац. Цуьнан сацам низамца ца богIу, кхел ца хIоьттина дерг ма-дарра зен», яздина Маршо Радиога Гайсулаевс.

Маршо Радионо хьалхо довзийтира Гайсулаев муьлхачу бахьанашца балхара вохийна Москох културан департаменто. Иза шен лаамехь даржах мукъа ца ваьлча, цунна Нохчийчу дIавахар тоьлу, и санначарна «меттиг яц» шайн, баьхнера цуьнга куьйгалхоша. ТIаьхьо бехкевира «белхан техника шегахь латторна», ткъа иза бакъ дац, чIагIдо Гайсулаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG