ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ма теша сагIадоьхургех, дIаса ма баржабе церан леткъамаш"


Ахча, я кхидолу хьал сагIийна доьхуш, социалан машанашкахула, мессенджершкахула яьржа информаци талла а ца толлуш, дIаса ца яхар дехна Нохчийчуьрчу блогершка Кадыровн администрацерчу динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латточу департаментан директоро Абазов Рустама.

Цо бахарехь, махкахь шуьйра яьржинчу Instagram, Whatsapp машанашкахь шаьш наха я царах «дог лозучара» царна кест-кеста гIодоьху ахчанца, болх нисбар доьху, я кхин аьттонаш бар, аьзнаш даржадо. Дукха хьолехь и гIодоьхурш хуьлу жоьлгаш, сагIадоьхурш, нехан хьолах баха Iаьмнарш, боху Абазовс.

Дехар цо даржийра сагIадехар даржар дийцаредеш вовшахтоьхначу кхеташонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG