ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воронков Владимир Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Контртерроран урхаллан куьйгалле хIоттийна


Путин Владимир а, Воронков Владимир а
Путин Владимир а, Воронков Владимир а

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретаро Гутерриш Антонуса шен хьукматерчу Контртерроран урхаллан коьрте хIоттийна Венерчу дуьненаюкъарчу организацешкахь Оьрсийчоьнан векал лаьттина Воронков Владимир, хаамбо ТАСС агенталло.

Контртерроран урхалла кхоьллина шен могIаршкахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино кху деношкахь. Воронковс жоп лур ду организацино террорна дуьхьалоеш болх вовшахтохарх.

1989 шарахь болийна дипломатан болх Воронковс, зарратан программаш зуьйчу МАГАТЭ-н куьйгалхойн кхеташонехь а хилла, Европерчу оьрсийн дипломатин департаментан директор а лаьттина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG