ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бераш буса деша декхаре ца хилийтархьама 3,8 млрд сом


3,8 миллиард сом хьажош ду Оьрсийчоьнан Iедало Къилбаседа Кавказерчу дешаран системе школашка бераш кхоалгIачу рогIехь ца лелийтархьама.

Карарчу хенахь регионера 80 % дешархой, делкъал тIаьхьа боьлхий, буьйса йоллалц Iа школашкахь. И хьал цхьа наггахь меттигашкахь бен ца дисина Оьрсийчоьнан кхечу мехкашкахь.

Керла школаш яхкар, ерш шоръяр Министрийн кабинете дехнарг ву Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министр Кузнецов Лев. Цуьнан инициатива къобалйина вице-премьераша Хлопонин Александра а, Голодец Ольгас а.

Кхаа рогIехь деша бераш массарел дукха лела регионаш ю Оьрсийчохь Нохчийчоь, Дагестан, Буряти. Къаьсттина гIоьртина хьал ду школашкахь меттигаш цатоарца Нохчийчохь – 38 школа ю кхаа рогIехь бераш деша лелаш.

Дерриг а кхоалгIа рагI школашкара дIаяккхарна хьажош дерг ду кхушара 5 миллиард сом – Медведевн кабинето лург а, меттигерчу бюджеташкара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG