Еарийдийнахь дирзина Ростоврчу тIеман кхелехь педофилина бехкебечу ГIалгIайчуьрчу Карабулакан бахархойн Полонкоев Абукаран, Дакиев Исраилан, Нагоев Алиханан, Аушев Магомедан дов.
Кхел йоьдуш, хьалхо, дог лаза а даьлла, велира цаьрца цхьаьна левеш хилла пхоьалг1аниг – Оздоев Iалихан.
Кхелан сацамо бахарехь, 2009-2011-чу шерашкахь ворхI шо долу кIант, цIера цхьацца меттигашка а вуьгуш, хьийзош хилла цара. Герзаца кхерам туьйсучу кIантехьа гIодаккха ца хилла стагга а – да-нана дIасакъаьстина, ненаца вехаш хилла кIант.
Хенаш тоьхначу веаннах цхьаъ - Полонкоев – массех шо хьалха лаьцна, кхелехула чекхваьккхина вара, цунна хьалха тоьхна хилла 16 шо лакхадаьккхина 19-нна тIе. Нагоевна а, Дикиевна а 18 шераш кхайкхийна. 8 шо токхур ду набахтехь Аушевс