ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муртазалиева Зараъ: "Айса мел лайнарг диц ца ло, дита а ца ло..."


Муртазалиева Зараъ
Муртазалиева Зараъ

Нохчийчохь лаьттинчу шина тIеман дарашлахь бара масийтта эзар нохчийн тоьлла къонахий. Царех цхьаберш эгна тIамехь, вуьйш тIепаза байна, кхоалгIа дакъа лаьцна набахтешкахь бахкош бу.

Бехк банне а боцурш бац кIезиг. Масане бу уьш, шайн бовхачу меттара а гIийттош, туьтмIаьжгаш йоьхначу наха дIалехьийнарш, цхьа а кхел, барт-хаттам а боцуш, бехк буй-баций ца къестош дIахьийсийнарш.

Оьрсийчоьнан статисташа шаьш бакъ а деш, дIакхийкхадо, пачхьалкхехь 40 эзар сов тутмакх бехк боцуш латтош хилар набахтешкахь.

Тахана дуккха а хаамаш кхочу вайга социалан зIенашкахула набахтехь лецна латточаьргар. Даим а цара далхориг цхьаъ ду: Iедало шайна тIехь латто гIело, Iазапалла, цхьа а адамийн бакъо шайгахь йитина цахилар.

Iедало терго ца латторна а, набахтин хьаькамийн къизаллаш бахьана долуш а, дукха бу тахана маршонех хьоьгучарех цомгуш, кеп-кепарчу лазарша лецна.

Шен хеннахь медицинан гIо-накъосталла ца кхачадарна, лазарш гена девлларш бу цаьрца дуккха а.

Нохчийн алар ду: "ГIогI дойначунна бен хуур дац гIогI дойначуьнгара хьал" бохуш.

Оьрсийчоьно тIехь харц кхел а йина, шена 20 кхаьчначу заманчохь 8 шо а 6 бутт хан а тоьхна, Iедало дахар хьаьшначех ю вайн махкахо Муртазалиева Зараъ.

Тахана дуккха а гонашкахь, аьлча а, доллу дуьненахь евза цуьнан цIе.

ХIунда аьлча, Еврокхелера а цхьана тоьлла бакъонашларъярхой, цIе яххана адвокаташ беттабелча а ца ялийтира Зараъ тоьхначу хенал а хьалха маьрша.

Тахана цу чуьра хьал дикка девзачу цо Iуналла латтадо тутмакхашна тIехь.

Тамашен хетарг ду, кху къинхетам юкъара байначу дуьненахь, хIора адам ша шена каетташ, тасавелла воллучу хенахь, жоьжагIатех ша чекъяьллашехь, шена хилла синIаткъам биц а бина, адамаллин хьаса цуьнца бисар.

Хеттарш дукха дара Маршо Радион Муртазалиева Зараэ. Царех цхьадолчарна жоьпаш делира цо.

Кху деношкахь набахтешкахь хан токхучу тутмакхашка эвсара марха дастийтархьама царна ахча а, совгIаташ дохьуьйтуш, каде хьийзаш яра иза.

Кхело дуьззина бахьанаш теллина а доцуш, яккхий хенаш а йиттина набахтехь бохку тутмакхаш жимма а Iехорхьама, дуккха а пректаш, Iалашонаш, мехал гIуллакхаш ду Мартазалиева Зараа юьхьарлаьцна.

РогIерачу материалашкахь Маршо Радионо юха а зIене йоккхур ю Зараъ царех дийца а, довзийта а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG