ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram дIакъовлийта ца лаьа Кадыровна


Кадыров Рамзана шен дош аьлла Telegram мессенджер дIакъовла тарлуш хиларх лаьцна.

ЗIенан технологешна тIехьожучу Роскомнадзоран куьйгалхочо Жаровс шаьш Telegram дIакъовла тарло, шайн урхаллина цуьнан куьйгалхочо Дуровс мессенджеран къайленаш ган доьхкуш хилахь, аьлларе хьалхо.

Шина даржхочунна юкъа машарбеш ду Кадыровс шен Telegram-ан каналехула яздийриг:

«Telegram къовлийта ца лаьа, амма низам ца лардича а ца долу. Цунах жигара пайдаэцархо со хиларе терра, бертан шуьне хаон лаьа ший а. Сайн агIор со кийча ву Соьлж-ГIалахь Роскомнадзорна а, Телеграмна а бертабахка аьтто бан», яздина Кадыровс.

Telegram-ехь шен канал бутт гергга хьалха диллина Кадыров Рамзана. 10 эзар сов фолловер ву цуьнан оцу каналехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG