ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германера шаьш Польше "юхакхийсарна" кхоьру ГераевгIар


Маршо Радиоца зIенебаьлла пIераскан сарахь Германига тховкIело йоьхуш болу Гераев Бесланан 7 стагах лаьтта доьзал.

Иза мухIажирш Европехула дасалелар тергалдечу «Дублин-3» низама кIел нисбелла. Шайн пачхьалкхе Полшера кхаьчна хиларе терра, доьзал цига юхахьажо кечлуш ю Германера миграцин урхалла.

Ткъа Полшехь шен доьзална маршо хир яц, шаьш саннарш цигахь къевлинчу лагерехь кхобу, боху Гераевс.

«Сой, зудий, пхи беррий ду тхо кхузахь, Германехь, кхо бутт хьалха схьадеъна. ХIинца тхуна «негатив» елла, Полше юхахьовсор ду, аьлла. Амма цигахь Iойла гаттонехь хиларна кхоьру тхо. …Даймахка юхавоьдийла а дац. Суна ницкъбина цигарчу Iедало», - элира Маршо Радиога телефонехула Гераев Беслана.

Бакъоларъярхошка а, мухIажирш тергонехь латточу юкъараллашка а орца доьху ГераевгIара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG