ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархин денойх ойланаш


Кху шарахь мелла а атта кхаьбна наха марханаш. Йовха яцара. Дела денна аьлча санна, догIанаш дара, малх наггахь бен хьожуш боцуш.

ТIаьхьарчу шерийн башхаллаш билгалйоху наха. Коьртаниг - бераша а марха кхобуш хилар ду, дийцира Соьлж-ГIаларчу лоьро Ибрагимова Марета.

Ибрагимова: «Кхушара санна атта кхаьбний теша уьш, олу дукхачара. ЧIогIа сиха дIабели хIара бутт. Хаза беъна бутт а бара».

Ибрагимова Марета дуьйцург бакъдеш санна масал ду 7 шо долчу Соьлж-ГIаларчу яхархочунна Саирин масал а. Цо дуьххьара шен дахарехь 5 марха кхаьбна.

Саира: «Со бутт кхаба лууш яра. Амма со тIаьхьа йисира. Ас инзаре атта кхебира марханаш. Хьалхалера шиъ хала дара. Важа кхоъ-атта дара. Со сайн ненанана йолчохь яра. Цигахь дIаюьжура со. Хан сиха дIайоьдура».

Марха достучу деношка бераша чIогIа сатуьйсу. Арадевр ду уьш кара тIоьрмигаш а эцна. Уггаре а кеггийчара олу: «марха къобал дойла, сникерс яцахь-Iадика йойла!».

Стохка царах тера хилла Саира, хIинца коьртахь йовлакх а долуш араер ю ша боху цо.

Саира: «Хьалха ас лелийна инзаре хаза коч юхур ю. Месаш а охьахоьцур ю, уьш нис а йина. Амма коьртаниг - коьрта йовлакх туьллур ду. Сан ненадас аьлла соьга, коьртахь йовлакх леладе».

Цхьаболчу доьзалера бераш ара а ца довлуьйту Марханаш къобал дан. Нехан неIаргахь товш дац хIума йоьхуш лелар, олу цаьрга.

ХIетте а, хIора доьзалехь неIарга даьхкинчу берашна леррина аьлла, эцна тайп-тайпана мерзалгаш ю.

Шен берийн бераш ша-м дохуьйту марханаш къобалдан, аьлла дийцира Чечанара яхархочо Агаева Сацитас.

Агаева: «Хьалха самукъадолура. Шатайпа хуьлура иза. Тахана доккхачу декъанна, нах сихаллехь хьийза. Бераш марха къобалдан а доьлхуш хилла хьалха. Суна хазахета уьш хIинца а дуьйладелла. Ас сайнчуьра-м дохуьйту уьш».

Баккхий мел хуьлу, нехан дегнашкахь синкъераме хIума кIезиг дисина. Хеназа шаьш къаьстинчу гергарчех дагалецамаш алсамбуьйлу церан, массо а самукъадаьлла гича, схьабелара дIабаханарш, олий.

Цундела шен кхин башха самукъа а ца долу боху Йоккхачу АтагIарчу яхархочо Шамсудинова Кийсас.

Шамсудинова: «Хьалха хаза дара. Баьрче хиъна Iаш да-нана а долуш. Арахь левзина чудеъча, ахь хIун дина олий, хоттура. Хьалхалера зама ирсе а, самукъане а яра. Токхе зама яра. ХIара зама цуьнга кхочур яц. ХIара ша-шена вехаш зама ю».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG