ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маккахь маьждиг эккхийтина


Лаххара а 11 стаг лазийна пIераскана СаIуда Iаьрбийчохь, Маккарчу ал-Хьарам маьждигехь ша-шен эккхийтинчу стага, хаамбина "Аль-Iарабийа" телеканало.

Цо бахарехь, мехкан полицина хьалхо хиина хилла кечъечу терактах лаьцна, амма маьждигна гена доцчу цхьана цIачохь къайлаваьлларг реза ца хилла шен лаамехь караваха. Юхьанца герз детта а волавелла, иккхина иза.

Лазийначаралахь ву тIех волуш хилла 6 вахархо а, 5 полисхо а.

Лаьцна, левеш ву карарчу муьрехь пхи стаг, боху «Ал-Iарабийа» телеканало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG