ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берашна шолгIа садоIийла а схьайиллина Сиржа-Эвлахь


Chechnya -- Serjen-Yurt
Chechnya -- Serjen-Yurt

Нохчийчуьрчу Сиржа-Эвлахь болх болийна шолгIачу берийн лагеро а.

Кадыров Рамзана а, мехкан куьйгалхоша а дезачу дийнан хьесапехь дакъалаьцна «Ламан хьаст» («Горный ключ») садоIийла схьайоьллуш.

Кадыровс дагадаийтира гулбеллачарна, хьалха а садоIийла лаьттинийла, Ичкерин заманахь цигахь тIеман базанаш хиллийла. «ХIинца кхузахь берашна могашалла чIаг1ъян меттиг ю, вайн махка машар а, низам a доьссина», - элира цо. Баркалла элира берашна садоIийлаш кечъеш жигара хьийзарна къинхьегаман министрна Ахмадов Мохьмадна а, гIишлошъярхошна а.

«Ламан хьасто» 500 берана таро ло шен цхьана ражехь садаIа. Белхан меттигаш елла 130 мехкан вахархочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG