ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ультиматумна жоп кечдеш ю Къатар


Шайн махкана хьалха еа Iарбан пачхьалкхо хIиттийна декхарш – ГIажарийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш хедор, Al Jazeera телеканал д1акъовлар, кхин а массех - «кхочушдечех дац» аьлла Къатаран арахьарчу г1уллакхийн министралло, боху Al Arabiya телевизионо.

Ши де ду Къатаре гонахарчу мехкаша и хьелаш дIакхайкхийна. Царна ша кхоччуш жоп лур ду, боху Дохерчу Iедало.

Associated Press агенталло довзийтира Мисаро, СаIуда Iаьрбийчоьно, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбан Эмираташа, БахIрейно Къатарна хьалха хIиттийна хьелаш. Иштта оцу пачхьалкхаша декхарейина Доха «Бусалба Вежаршца» а, Хьизболлаца» а, Ал-Къаидаца» а, ДАIИШца а шайна цо лелайо аьлла хета юкъаметтигаш дIахедон.

Иштта, шайн мехкашкара бевдда баьхкина нах а арабаха тIедожийна цара. Цул совнаха, шайн лаьтта тIера Туркойчоьнан тIеман база дIакъовла а, цкъачунна мел йоьху хьахош йоцу компенсаци охьайилла а аьлла Къатаре.

Хьелаш кхочушдан делларг 10 де ду, боху Associated Press-о.


Къатарца 10 пачхьалкхо хедийна дипломатин юкъаметтигаш. Цунна бехкедо ДАIИШ а, кхийолу экстремистийн тобанаш а тIекIаяр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG