ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосулехь нах байина Марха достучу дийнахь


РогIера эккхийтар дина Мосулехь Марханаш достучу дийнан Iуьйранна, велла лаххара а 12 стаг, лазийна 20 сов, хаамбо Франс Пресс агенталло гIажаройн лоьрашна тIе а тевжаш.

Ша-шен эккхийтина террорхочо Машахда меттигехь, тIеман хьелашкарчу гIалара бовда гулбеллачу бахархошна юкъахь.

Press TV телеканало хьалхо хаамбира, Иракъан ницкъийн аьтто баьлла гIаличуьра арабуьйлучу нахана некъ баккха, эскар кечлуш ду рогIерчу тIематийсадаларшна, аьлла.

Еарийдийнахь Иракъан премьер-министро ал-Iабади ХIайдера дIахьедира, «Мосул мукъаяьккхина аьлла хезар ду дуьненна карарчу дийнахь».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG