Францин а, Оьрсийчоьнан а паспорташ долу зуда а, майра а делла, церан 9, 10 шераш долу кIант а, йоI а лазийна некъахьовзамехь Ставропол-махкахь яхначу буса 3 сахьт даьлча, хаамбина "Комсомольская Правда" газето некъан полицин хьостанашкара.
33 шераш долу да-нана а, церан ши бер а "Шевроле Каптива" машенахь богIуш, шайн йоцчу некъан асанна тIе а бевлла, езачу "МАН" машенна дуьхьал нисбелла. Доьзалан машен чIоггIа йохийна.