ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Нохчийчоьнан тIеман тоба юхаеана


Кхаа баттахь Шемахь тIеман декхарш кхочушдина Нохчийчуьра эскарийн тоба юхайирзина даймахка. Республикан комендатуран хаамашца, лазийнарш а, белларш бац церан могIаршкахь. "Кавказан узел" агенталлан информацица, стохка ГIуран-баттахь Нохчийчуьра тIеман полицин батальон яра Шемарчу тIаме хьажийна. Цхьана баттана хьовсийначу полисхойн дийзира Зазадоккхучу-батте кхаччалц дIаяхъян шайн командировка.

И бутт бовш даьржира, батальон махка юхаеана, церан метта керла вовшахтоьхна полисхойн тоба новкъаяьлла Шема аьлла.

Болчу хаамашца, и тоба а маьрша юхаеана, зенаш ца хуьлуш Ханкала, шен дисклокацин меттиге.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG