ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериев Жалавдин адвокаташ Европан кхеле боьвлла


Наркотикаш лелийна аьлла, хан тоьхна набахте хьажийначу "Кавказан узел" агенталлан журналистан Гериев Жалавдин адкокаташа Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз чуделла.

Гериевс дIахьедо, шена дуьхьал даьккхина гIуллакх харцонца хилар а, бакъонашларъярхоша ша хьалхо политикан тутмакх хилар тIечIагIдина хиларх а.

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело ши бутт хьалха хийцам боцуш дитира Гериевна Шелан кIоштан кхело 3 шо хан тухуш кхайкхийна вердикт.

Журналистан бакъонаш ларъечарна хетарехь, Гериевн гIуллакх луьстучу кхелахоша Европан Конвенцин низамаш талхийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG