ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу могушаллин министралло дуьйцу, стохка уггар дукха цомгуш хиларх тоьшаллаш муьлхачу регионехь алсам яздина. И хаам Iорабаьккхина RT агенталло.

ХIоттийначу тептарехь Ярославан кIошт ю хьалхаяьлла. Цунна жимма тIаьхьаюсу Москохан а, Тверскан кIошташ.

Къаьсттина цомгушхиларан тоьшаллех пайда кIезиг эцначарех ю Нохчийчоь а, Ненецкан кIошт а. Царал тIаьхьа ю Дагестан, ГIезалойчоь а.

Эксперташна хетарехь, дечу дарбан башхалла а, бахархойн оьмар а йозуш хир ю регионашкарчу нехан кара луш долчу цамгаран тоьшаллех.

XS
SM
MD
LG