Дуьненаюкъарчу наркоманица къийсам латточу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцина, мел кхераме ю махкана наркомани а, и эшош республикехь шаьш яьхначу гIулчех а.
Кадыровс дIахьедина, Нохчийчохь наркотикаш еш цхьа а лабаратори цахиларх а, массо а уьш чукхоьхьу каналаш шаьш къевлина хиларх а. Цул совнаха, махкахь тIетаьIIина дIахьош бу кегийрхой кхетош-кхиоран белхаш а аьлла мехкан урхалхочо.
"Амма хIетте а наркомафино керла некъаш лоьхуш, кегийрхой шайна гурашка лаца гIерташ. Цундела кхечу регионашкара чудохьуш ду и дIовш. Наркоманица латточу къийсамна цуьрриг а дIамаллур дац тхо, иштта кхечу регионашкахь а само латтор хиларх теша со"- аьлла , билгалдаьккхина Кадыровс.