ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Межиев Салахь: Шиизм а, вахабизм а чуюьтур яц


Шиизм а, вахабизм а махкахь ца яржийта Нохчийчоьнан дозанаш къевлина хир ду аьлла, видео кхайкхам бина мехкан муфтийс Межиев Салахьа. ГIажарийчоьно културан центраш а йохкуш, цаьргахула яржош ю шиитийн литература, цIеначу исламан некъ харцбеш аьлла, Межиевн дешнаш даладо Islam News портало.

ГIажаройн динан Iилманчаша язйина, Оьрсийчохь юхку киншккаш билгалъяьхна Межиевс. Бусулбанашка оцу жайнех ма хьакхало, цара кегийрхойн кхетам хуьйцу бохуш, кхайкхам бо муфтийс.

Карладоккху, ГIажарийчоь а, Оьрсийчоь а Шемарчу тIамехь бартхой бу, ткъа ша муфтий Межиев дукха хан йоццуш Шема ваханера, шииташца цхьана коалицехь "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанашна дуьхьал болчу нохчийн тIемалошка хьехам беш, вистхила.

Шайн уммана шииташа новкъарло ярх хIинццалц Оьрсийчуьрчу муфтех цхьаммо а дийцина дац. Межиев Салахьа бусулбанашна кхераме ду боху жайнаш экстремизме лоруш дац Оьрсийчохь, маьрша духкуш ду киншкийн терхаш тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG