ТIекхочийла долу линкаш

Iадат а хилла дIахIоьттина Австрин коьртачу шахьарехь Венехь бехачу нохчашлахь марха даьстинчул тIаьхьа шозлагIчу я кхозлагIчу дийнахь цу гIалахь и де цхьаьна даздан вовшахкхетар.

Венин 23-чу кIоштахь лерина ишттачу даздаршна Iедало билгаляьккхина ю грилплатц олуш, Драше паркехь садаIа меттиг.

Малх сов Iаьткъича буха лачкъа дуккха а диттанаш а долуш, лерина а садоIучаьрга шайн жижиг даттийта а, шайн юург охьайиллийта а кечйина меттигаш а йолуш, гIалин дайша Венин бахархошна церан аьхналлийна кечйинчех цхьаъ ю иза Штернгассе социйлана гена йоцуш Iуьллу парк.

ХIора шарахь марх даьстинчул тIаьхьа я гIурба динчул тIаьхьа цхьаъ-шиъ де даьлча Венера нохчий шайн доьзалшца а, бовза -бевзачаьрца а дIагуллуш болу меттиг хилла дIахIоьттина йолу.

Кху шарахь а иштта цу паркана тIедоьлхучу гIашлойн некъашца а, цига йоьлхучу автобусашна чохь а хаалуш дара Австрера вайнах гуллуш буйла а, уьш мичахь гуллуш бу а, некъ ца бевзарг царна тIаьхьа а хIоьттина дIавахан бен ца дезаш.

И цхьаьнакхетар вовшахтоьхарг Венерчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташо яра, хIора шарахь а иштта бусалбачийн Iийда вовшашца хан йоккхуш даздар цигахь бехачу нохчашлахь лардеш йолу.

Венехь марха даста гулбелла вайнах
Венехь марха даста гулбелла вайнах

Стохка а, цул хьалхарчу шерашкахь а санна хьалха дуьйна дIахаийтина дара махкахошка, кху шарахь а марха даьстинчул тIаьхьа нохчий 23-чу кIоштарчу паркехь гуллур хилар а, доьзалшца а, берашца а дахкар вуно чIогIа къобалдеш хилар а.

Цу кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис дийцира Маршо Радионе вайн къомах нах вовшах тохар а, цаьрга вовшашца марзо эцийтар а вуно мехала хIума ду, ткъа мархан Iийда санначу дезчу дийнахь, массо а нохчашна а, массо а бусалбанашна а цхьатерра деза долчу, и мехалалла кхин а совйолу, бохуш.

Мусалатов: „Тахана кхузахь вай вовшахкхетар – иза мархийн Iийда даздар ду. Коьртачу декъехь, вайн берашна кху дийнан мехалла йовзийта вайн болу лаам бу кхузахь вай хьалхабаьккхинарг. Цхьадика дуккха а бераш гул а делла кхузахь шайн дай-наношца, царна оха кечдина ловзарш а ду, совгIаташ а ду. Венера хилла ца Iаш, кхечу гIаланашкара дуьйна схьабаьхкина хьеший а бу кхузахь, чIогIа хаза дIадоьдуш ду-кх хIара де“.

Кху шарахь а, даима а санна, Iийданна гулбеллачарна цIартIехь жижиг доттуш, грил а, шашлык а ян кечделла дара шаьш, оьшучу сурсатийн гIайгIа а бина, бохуш дийцира Мусалатов Шайхис кхин дIа а.

Амма кху деношкахь Венехь инзаре чIогIа тов хIоттарна, гIалин дайша юкъараллин меттигашкахь цIе латор доьхкуш сацам тIеэцна, цIераш йийларан кхерам болун дена. Цундела, схьайиллинчу цIар тIехь а, овхIаршна тIехь а даттарш дан таро ца хилира.

Делахь а, шорта кхинйолу юург а, мерг а хиларо а, дика синхIоттамаш болуш гулбеллачу наха а, цу дезчу дийнах а, шайна цу дийнахь ечу тергонах а самукъадаьлла, ловзуш дIасауьдучу бераша а кхочушйира аьлла хета садаIар вовшахтоьхначийн Iалашо.

XS
SM
MD
LG