ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 66 вахархочуьнгара машен лело бакъонаш дIаяьхна


Нохчийчуьрчу прокуратурано бинчу талламашца, цхьа могIа алкоголизман, наркоманин, токсикоманин лазаршца билгалбаьхначу нахера машенfш лело бакъонаш дIаяьхна.

"Республикан наркологин диспансерерчу лоьрийн комиссино бахархошна автотранспорт лело кхераме хилар чIагIдеш сацам тIеэцначул тIаьхьа", аьлла, къастийна махкарчу прокуратурано.

Цхьана беттачохь кхеле 66 иск хьажийнера прокуратурано, ша талламаш бинчул тIаьхьа. ГIуллакхаш листинчул тIаьхьа кхело дихкина оцу нахана машен лело.

Хьалхо Нохчийчуьрчу зорбанаша яздора, 13 алкоголикера а, наркоманера а, токсикоманера а машенаш лело бакъонаш Iедало дIаяьхна бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG