Ведана кIоштара 38 шо долу вахархо шена низам дохорна гIуда цатохийта некъан полисхочунна кхаъ бала гIортарна бехкевеш ву.
Талламчаша чIагIдарехь, Веданахь инспекторо таллам бан сацийначу машенан долахочуьнгахь бакъо ца хилла и автотранспорт лело. Некъан полисхочунна 11 эзар сом кховдийна хилла шофера, шена дуьхьал гIуллакх ца айдайтархьама.
Инспекторо ахча схьа ца эцна, машен лелочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ду айдина, дуьйцу нохчийн зорбанаша.