ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина шарахь чохь латтийна нохчий маьршабаьхна Оьрсийчуьрчу кхело


Москохарчу Внуково олучу меттигехь орцан министраллан белхахошна тIелатар дина аьлла бехкевина, лаьцна латтийначу Нохчийчуьрчу бахархойн Ражапов Хьамидан а, ЦетиевгIеран вежарийн Сайд-Мохьмадан а, Хьусайнан а гIуллакх кхело прокуратуре юхахьажийна, кхачо йоллуш таллаза а карийна. Маршо Радионо шен материалашкахь дуккха а дийцинера оцу гIуллакхах.

Ши шо хьалха гурахь дуьйна лаьцна бара уьш, талламчаша даредарца, орцан министраллан белхахошна йиттинера цара, тIелатар а дина. Кхаарийдийнахь кхелахоша сацам а бина, Москохан прокурорна юхадахьийтина церан гIуллакх луьсту кехаташ, юкъара кхачамбацарш дIанисдархьама.

Карарчу хенахь набахтера маьршабаьхна Москох бу вежарий ЦетиевгIар а, Ражапов а.

XS
SM
MD
LG