ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашка шен хIусамненан везар вейта гIоьртина австрихо


Австрехь дIайолаелла нохчашка шен хIусамненан тIехьийза кIант вейта гIоьртинчу меттигерчу вахархочунна тIехь кхел. Прокуратурано чIагIдарехь, Зальцбург гIалахь кхаари дийнахь дов хоттуш волу 45 шо долу австрихо шекхилла, шен зуда кхечу стагца хьарам юкъаметтигаш лелош ю бохучух.

Цундела цо шен доларчу фирмехь болх беш волчу шина нохчочуьнга шен хIусамненан къайлахчу везарна еттар тIедиллина хилла. Iедалхоша дийцарехь, цуьнан „даьIахкаш кегйе“ аьлла хилла цо цаьрга.

Цу Iалашонца цо шина нохчочух цхьанна 10 000 евро ахча а делла хилла. Амма ахча схьаецнарг цул тIаьхьа масех кIира даьлча авари а йина, кхелхина. Иза велча, хIусамнана шена ямарт хиларо Iовжийна лелаш волу австрихо шозлагIчу нохчочунна тIевахана, шен мостагIчунна йиттина ца Iаш, иза ве, аьлла.

Амма „киллер“ и дехар кхочушдарна метта полицина тIевахна.

Цул тIаьхьа ша киллер волчуха австрихочуьнца цхьаьна кхеттачу полисхочо гучуяьхна цуьнан стаг верах йолу Iалашонаш. Дахначу шеран ГIадужу - баттахь лаьцнера иза.

Ткъа карарчу хенахь Зальцбургехь цуьнан довхаттаран чакхенехь кхайкхор ду, цунна мел хан туху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG