ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борис верах тIаьххьара дош ала кечлуш бу кхелахой


Москохарчу тIеман кхелехь бехк къасточу тобано кечъеш вердикт ю оьрсийн оппозиционер Немцов Борис верна бехкебечеран хьокъехь. Де хьалха суьдхочо бехк къасточех 2 юкъараваьккхира, цара белхан низам талхийна аьлла.

Нохчийчуьра бахархой Дадаев Заур, ГубашевгIеран вежарий Анзор, Шадид, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат а ву Москох лаьцна левеш, политик верна бехкеозийна.

Юьхьанца бехк тIелаьцнехь а, тIаьхьо кхелан кхеташонехь бакъ ца дира цара, шаьш бехке хилар. Хьалха дина дIахьедарш лаамза дайтинера шайга аьлла.

Немцов Борисан йоI Немцова Жанна а, доьзалан адвокаташ а тешна бу, оппозиционер верна бехке Кадыров Рамзан хиларх. 2015-чу шарахь Чиллан -баттахь Кремлна гена воццуш вийна карийра гоьваьлла политик, оппозиционер Немцов Борис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG