ТIекхочийла долу линкаш

Германехь тховкIело ехна ГераевгIеран доьзал хIора дийнахь а шайна Полше депортаци ярна кхерамца беха. Масех бутт хьалха пхеа берах а, дех-ненах лаьтта и доьзал цкъа хьалха Беларуссе а, цул тIаьхьа эзарнаш кхи болу махкахой санна, Полше дехьа а бевлла, цигара юха Германе кхаьчнера, шайна политикан тховкIело еха.

Бакъду, кIиранашкахь бахбелла, дуккхаъчу халонашца а, харжашца а, кхерамашца а цхьаьнабоьзна хилла болу немцойн махка некъ синтемца бирзина олийла дац.

ХIунда аьлча, Евробертан хIора а пачхьалкхо цхьа барт хилла 2003-чу шарахь тIеэцна болу Дублин-2, цул тIаьхьа 20I3-чу шарахь керла хIумнаш тIе а яздина, тIеэцна Дублин-3 сацамаш бахьана долуш, ГераевгIеран доьзал, кхиберш массо а Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхашкахь тховкIело лоьхуш берш санна, шаьш дуьххьара коглевзинчу махкахь тховкIело еха а, и тховкIело шаьш ехначу махкахь саца а безаш бу.

ГераевгIеран доьзалан хьал кхин а чолхе ду, хIунда аьлча, цу доьзалехь пхи жима бер ду, ткъа доьзалан да политикан бахьанашца махках вала дезна ву. Цо, Гераев Беслана, ша иштта дийцира Маршо Радиога шайгара хьал.

Гераев: „Пхи бер, хIусамнаний ду тхо кхузахь. Кхо бутт кхаьчна тхо кхузахь долу. ХIинца негативе сацам баийтина тхуна, тхо Полше юха даха деза боху. Тхоьга ши кIира ду бехира, апелляцин латкъам бан делла, амма ас оьрсийн мотт хуучунна цхьанна тIе а даьхьна и кехаташ гайтича, цу тIехь кIира бен хан яц елларг элира соьга.

Тешанбехк бина тхуна. Тхо Полше дIаюха дахийтахь, цигахь лагере чу а доьхкина, цу чохь дахкор ду. Цу чохь шо даьккхинарш а бу. ТкъаДаймахка юхаваха сан аьтто бац, со Iедалца проблемаш йолуш ву, дIа а вигина, етта а йиттина суна.

Цкъачунна кхузахь Iе боху соьга. Дийцарехь, кхузахь Iуьйранна сахуьлучу хенахь чу а лелхий, Полше дIахьежош хIума ду».

Дублин 2, Дублин -3 низамаш Евроберто тIеэцар бале даьлла хIинцале а иттанаш эзарнаш нохчашна, Беларусехула Полше ца бахча Европе кхача кхин некъ боцуш бисинчу.

Ткъа цул тIаьхьа «хирг дIа хир» олий, Полшехь шаьш цабевлла тховкIело ехнехь а, делахь а кхин дIа Европин кIоргене, уггаре а хьалха Германе а, Австре а дIаоьхуш болчу.

Беттанаш дIадовлу наггахь цу хенан гIуллакх теллина уьш шозлагIа тIебиссинчу мехкан Iедалхой бовлале. Нисло иштта цхьаццаберш шерашкахь кхерамехь Iен безаш а.

Цу хенахь доьзалшкара бераш дIадулу керлачу меттехь, царна мотт Iема, ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а дIатарло уьш, керла доттIагIий, уьйраш а кхоллалой.

ХIетте а, цхьана дийнахь Iедалан белхахой чу а лелхий, нуьцкъах шаьш схьабаьхкинчу Полше дIахьовсабо. Нагахь санна и нах шен хенахь Iедалан сацамна дуьхьал аппеляци ян ца кхиънехь, я къайлабевлла, иллегалечу хьолехь хан йоккхуш бацахь.

ГераевгIеран хьал хьалхарниг ду – уьш Полше юхабахийтарх болчу сацамна дуьхьал латкъам а бина, жимма хан дIаозон таро пайда ца оьцуш йисина церан, Iедалан гочдархоша кIира ханна метта ши кIира ду апелляци ян дисинарг а аьлла, и доьзал мел а паргIат лелла хиларна.

Муьлхачу а мIаьргонехь чулилхина, бераш а кхерош, Полше дIахьажон мегаш бу уьш. Царел хьалха бIеннашкахь кхи болу нохчийн доьзалш санна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG