Москохарчу тIеман кхелехь бехк къасточара тахана хазор бу оьрсийн политик Немцов Борис вер телличул тIаьхьа бинчу сацаман чулацам. Ши де ду вердикт тIеэцар ца нислуш, дийцарш дIадоьлху. 26 хаттарна делла жоьпаш декъаделла, цундела хIора хаттар кхоже дуьллуш, болх бо кхелан кхеташоно.
Бехк къасточарех ах декъо къинхетам бар доьху бехкебечарех, бисинарш дуьхьал бу, яздо Новости агенталло.
Немцов Борисан гергарчарна а, цуьнан агIончашна а хетарехь, Кадыров Рамзан декъах ву иза вейтарна.