ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу набахтера тутмакхаш балха хIиттийна


Нохчийчуьрчу кибарчигаш ечу индустрица контракт дина махкарчу таIзар кхочушдечу федералан урхалло. Оцу юкъаякьккхинчу программица а догIуш, Соьлжа-ГIаларчу набахтера 30 гергга тутмакх балха нисвина кибарчигаш ян. Набахтин хьаькамо Сайдулханов Абу-Iелина хетарехь, оцу бертан коьрта Iалашо ю тутмакхаш къинхьегаме марзбар а, церан мотиваци хилийтар а хийцабала а, нисбала а. Къахьегарна царна хIоранна а хIоттийна алапа а ду.

Иштта къинхьегамо аьтто бийр бу, шайна тоьхначу хенал а хьалха арабовла лаам болучарна аьлла набахтин куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG