ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина Людмилица йоьзначу фондо ахчанаш дахар гучудаьлла


Путин Владимиран хиллачу хIусамненаца Путина Людмилица йоьзначу "Адамашца юкъара зIенаш кхиоран центрах" хаамаш зорбане баьхна юстицин министралло. Republic ресурсо билгалдаккхарехь, юстицин министралло волонтерийн антикоррупцин "Муниципалан сканер" проекте арз динчул тIаьхьа тоьхна цунна зорба.

Оцу кехаташа хоуьйту, Оьрсийчоьнан бюджетера 62 миллион сом а, оьрсий бахархошкара а, юкъараллашкара а 73 миллион сом а Центро шен дола даьккхина хиларх.

Reuters агенталло хьалхо дуьйцура, Путина Людмилица йоьзначу Центро шена пайда хилийтархьама Москохарчу Волконскийн цIийнан ах гIишло ВТБ оьрсийн банке елла хиларх, шарахь цуьнгара 2 миллион доллар а доккхуш.

Болчу хаамашца, "Адамашца юкъара зIенаш кхиоран Центран" куьйгаллехь ву Путина Людмилин керла майра Очеретный Артур.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG