ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ах миллиард сом лачкъийна Нохчийчуьрчу банкашкахула


Дахначу шеран шина бетта чохь Москохара Нохчийчу цхьацца нехан цIарх ах миллиард сом а хьажийна, и ахча банкашкахула доладаьккхина жоьлгаша. Ханна кхоьллинчу «Индег-Групп», «Строй-Плаза», «Мега Строй», «Потокстрой», «Интерстрой-88», «Эрна», «Стройпроф», «Ротор», «Олимпстрой-76», «Ультрастрой», «Строй Маркет», «Бизнес Строй-100», «Премиум» и «Умар-2016» фирманашкахула дина къола.

Ах эзар гергга нехан цIершца махка а хьежош, схьаэцна ахчанаш. Ткъа Iедал леха даьлча, карийна яц шаьш фирманаш, церан дай, йолу меттигаш. Кийтарло толлуш ю Нохчийчоьнан прокуратура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG