ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургехь маьждигехь маслаIат дан гIерта нохчий а, Iаьрбий а


France -- Police secure a mosque in Creteil near Paris, June 29, 2017
France -- Police secure a mosque in Creteil near Paris, June 29, 2017

Страсбургехь нохчийн кегирхошца Кьилбаседа Африкерчу Iаьрбийн тассаделла дов маслаIатца дерзадайта аьлла зIене бевлла хилла еари дийнахь цу гIаларчу Iарбойн маьждиган векалш. Маршо Радион Страсбург гIаларчу хьостано дийцарехь, векалш шозза баьхкина хилла нохчийн диаспорин жигархошна тIе.

И дов нохчийн, Iаьрбийн кьаьмнашна юккьехь даржарх зулам дер ду, бехк боцучу нехан цIий а Iенар ду, куьг бехкенарш талла а теллина, жоьпе озор хьалхадаккха дезаш хиларна тIехь барт хилла вовшахкхеттачийн.

Страсбургерчу нохчийн маьждиган имама Саламус а тIечIагIдира Маршо Радионе, шаьш Iаьрбийн маьждигерчу дешначу нехан дехарца цаьрца цхьаьнакхетта хилар а, куьг бехкенарш жоьпаллех кIелхьарбовлийтар боцуш, амма бехкебоцурш цу довнах маьрша буьтур болуш шайн барт хилар а.

Карарчу хенахь Страсбургехь дIагулбелла дукха нохчийн кегий нах бу, бекхам бан Iалашо йолуш, элира имама. Цаьрга цо кхайкхам бо шайг-шайгара хIумнаш а ца лелош, баккхийчеран сацамна тIехь совцаре. Цул совнаха, имама элира, кхечу гIаланашкара а, мехкашкара а тIе кегирхой ца эхча а, Страсбургехь тоьар болуш нохчий бу, вовшахкхета оьшуш хилахь, аьлла.

ПIераскан дийнахь Iарбийн а, нохчийн а маьждигашкахь хутбанехь дийцаре дийр долуш ду кхолладелла хьал, кегирхошка ишттачу зуламех долу питна а дуьйцуш.

Карладаккха догIу, Страсбургехь нохчийн, Iаьрбийн кьомахчу кегирхошна юккьехь латарш хилла масех де хьалха. Меттигерчу маьждигехь КьурIан хьоьхуш волу цхьа нохчийн жимстаг машенахь цIавоьдуш, цуьнан некь бихкина хилла Кьилбаседа Африкера орамаш долчу Iаьрбийн тобано. Некь баста аьлла дехар дича, уьш цуьнга эвхьаза бистхилла, ткьа иза машен чуьра охьвоьссича тобанца тIе а беттабелла летта.

Хилларх цу гIаларчу нохчийн кегийчу нахана хиинчул тIаьхьа уьш Iаьрбийх юхалетта, Iедалхой юккье а гIоьртина шаьш дIасадаххалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG