ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь ши оьрсий лаьцна кехаташ доцуш


фсб fsb
фсб fsb

Украинерчу Херсонан кIоштахь еарийн буса ши стаг лаьцна, шайгахь кехаташ доцуш. Барт-хаттамехь гучудаьлла, и шиъ Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн доза лардечу хьукматера хиллийла Фейсбукерчу шен агIонтIехь бина и хаам Украинан доза лердечу урхаллан куьйгалхочо Назаренко Виктора. Шина эскархочо бахарехь, Iаморашкахь тилавелла кхаьчна и шиъ Украинан дозане.

Шинарийдийнахь Би-Би-си-но хаамбира, оьрсийн эскархо Агеев Виктор украинхойн тIемалоша йийсаре лаьцна аьлла. Талламаш бинчул тIаьхьа бен долор дац аьлла Киево, Агеев хийцарх къамелаш.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIе ца дуьту, Агеев оьрсийн тIеман декхарш кхочущден контрактник ву бахар. "Ларамза кхаьчна тхо шун дозан тIе" боху оьрсий, Украинано масийтазза лецна шен декъа тIехь.

Украинано а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а бехкейо Оьрсийчоь, цо Донбассерчу сепаратисташна герз латтош хиларца.

Москвано конфликтна шаьш гунах хилар тIе ца лоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG