ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жириновский Владимира арз дина нохчийн прокуратуре


Пачхьалкхан Думан депутата Жириновский Владимира Астрахан кIоштарчу вахархочун Гильдзянов Александран хьокъехь динчу дIахьедарх талламаш дIабаьхьна Нохчийчуьрчу прокуратурано.

Контртерроран операцин декъашхо хилла Гильдзянов, чевнаш йинчул тIаьхьа 3-чу группан заьIапхо висира. Иштта тIеман декхарш кхочушдан могушалла цахиларна, Оьрсийчоьнан эскархойн тобанера мукъаваьккхира.

2012-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь схьайиллинчу Сбербанкан чоьта тIе догIура цуьнан пенси. Муьлш бу цахуучу наха оцу чоьта тIера лачкъийра цуьнан ахча. Жириновскийс чIагIдарехь зуламхоша зен дина Гильдзяновна 450 эзар соьмана.

И арз толлуш кху беттан 19-чу дийнахь прокуратурано кехаташ къасто бакъо йолчу инстанце дIакхачийна, бехктакхаман гIуллакх диллина, ахча лачкъийнарш схьалахийта.

Прокуроро шен тергоне эцна и гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG