ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теллина ца даьлла Нохчийчохь ЛГБТ-н векалш хиларан гIуллакх


Tatyana Moskalkova
Tatyana Moskalkova

Талламчаша зуьйш ю Нохчийчохь ЛГБТ-н декъашхошна тIехь ницкъ беш бу аьлла яьржина информаци. Гергарчу хенахь талламан жамIаш Iорадохур ду. Оьрсийчоьнан омбудсмена Москалькова Татьянас дина и дIахьедар белхан хьокъехь ГIажарийчу еача журналисташа шега деллачу хаттарна жоп луш.

"Прокуратуре а, Талламан комитете а ас кехаташ хьовсийна и гIуллакх таллар доьхуш. Церан жоьпаш схьа ца кхаьчча, маьIне дац сайн белхахой Нохчийчу хьовсон. Кху деношкахь Талламан комитетера жоп лардеш ю со, цара бинчу белхан" хаийтина Москальковас.

REGNUM агенталло дийцарехь, Нохчийчохь гейш хьийзош бу Iедало аьлла, хаам баржийнарг "Новая газетан" журналисташ бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG