ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: "Дадаев Заур Оьрсийчоьнан патриот ву!"


Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министра Умаров Джамбулата "Эхо Москвы" радиостанцина еллачу интервьюхь комментари елла Москохарчу кхело оьрсийн политик, оппозиционер Немцов Борис верна бехкелоручучарна кхайкхиначу вердиктах.

"Кхело Дадаев бехкевеш сацам тIеэцнехь а, Нохчийчоьнан Iедална гергахь иза вуьззина къонах ву, Оьрсийчоьнан патриот а ву, Делах тешаш стаг а ву. Оха лору кхелахойн вердикт, амма хIетте а тхайна хетачунна тIера ца довлу тхо.

Шен хенахь, Дадаев Заур къонахаллица, шен са ца кхоош къийсамехь лаьттина ву террорхошца. Тхан оьмарехь иштта вуьсур а ву иза" аьлла, билгалдаьккхина Умаров Джамбулата.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG