ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалочун гергарчеран керта граната кхоьссина ГIалгIайчохь


ГIалгIайчохь муьлш бу ца хуучу наха граната кхоьссина тIемало ву аьлла Iедалша вийначу Бекмурзаев Мохьмадан гергара нах бехачу хIусаман керта. Цунах лаьцна хаам бина «Ингушетия» газето.

Вийна-ваьккхина стаг вац. Полицин векалшна хетарехь, зуламхой хилла кIайн басахь йолчу ВАЗ-2114 машенахь. Уьш лохуш ду Iедалш.

Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь цабевзачу наха чевнаш йира Бекмурзаевн гергарчу шина стагана. Царах цхьаъ Бекмурзаевн ваша еза чевнаш йина дарбанан хIусаме кхачийнера, ткъа шичанна йинера яй чов.

29 шо долу Бекмурзаев герз диттина вийра Стигалкъекъа-бутт болалуш, цо некъан полицин постана герз тоьхна аьлла. Иза лоьхуш вара Iедалша Охан-беттан 8-чу буса Малгобекехь ГИБДД-н инспектор верна. Цу полисхочун машенна масатоп йиттинера тIемалоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG