Францин къилберчу Авиньон гIалахь 8 стаг лазийна, маьждигана уллехь герз диттина. Меттигерчу полицино дIахьедар дина, иза терроран тIелатар дац, наха шайн даьлла дов къастор ду аьлла.
Цкъачунна болчу хаамашца, лазийначерна юкъахь ду лаххара а цхьа бер.
И тIелатар хилла кIирансарахь, адамаш маьждигера арадовлучу хенахь. Герз диттина шина стага. Церан яххьаш къевлина хилла туьтмаьжгашца. Герз диттинчул тIаьхьа и шиъ ведда къайлаваьлла.
Полицина хетарехь, герзатохар хилла хила мега дов къастош меттигера кегийрхой а болуш, хаам бо Reuters агенталло.