ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу динан урхалло бинчу хаамца, 2600 эзар стаг ваха бакъо а йолуш, ХьаьжцIа ваха лаам гайтинарг вац 2000 стаг а. Цунах лаьцна яздо "Каказский узел" сайто.

Кхин а кIезиг нах бу ХьаьжцIа баха лууш ГIалгIайчохь. Цигахь Макка ваха кечвелла ву 400 гергга стаг. Ткъа Дагестанехь, мелхо а, меттигаш тоьаш яц ХьаьжцIа баха луучу нахана.

"Кавказский узело" дийцарехь, коьрта бахьана ду СаIудан Iаьрбийн пачхьалкхехь дайа дезачу ахчан барам алсамбалар. Юккъерчу барамехь хIора стагана ХьаьжцIа ваха оьшур ду кху шарахь 4 эзар гергга доллар.

XS
SM
MD
LG