Оьрсийчуьрчу хенахIоттаман говзанчаша дийцарехь, Нохчийчохь хIаваан температура жимма охьаера ю кху беттан 6-чу дийнахь. Еарин а, пIераскан а деношкахь республикехь догIанаш хила мега. Ткъа хIаваан температура хир ю 24-27 градус.
Хьалхо синоптикаша хаам бинера, Товбеца-беттан 2-чу а, 3-чу а, 4-чу а деношкахь Нохчийчоьнан къилбаседехьарчу кIошташкахь йовхо хир 40 градусе кхаччалц аьлла.