ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пайда бохьуш яц Нохчийчуьра ша-къастийна экономикан зона


Оьрсийчуьрчу экономика кхиоран министралло (Минэкономразвития) бинчу хаамца, Оьрсийчуьрчу ша-къастийначу экономикан зонашца юьстича, уггаре эвсара йоцуш болх бинарг ю Нохчийчуьра ша-къастийна экономикан зона, хаам бо pronedra.ru сайто.

2016-чу шарахь нохчийн ша-къастийначу экономикан зонан эвсараллан гайтам хилла 8 процент, ерриг Оьрсийчохь иза юккъерчу барамехь 84 процент а болуш.

Экономика кхиоран министралло билгалдаккхарехь, Нохчийчохь ша-къастийна экономикан зона кхоьллинера туризм яржор Iалашонца. Ткъа цу тайпа зонанаш мелла эвсаре йоцуш болх беш ю кхечу регионашкахь а, индустрин а, технологин а ша-къастийна зонашца юьстича.

Лаьмнашкахь салазаш хохку «Ведучи» олу ша-къастийна экономикан зона кхион дайа дезаш дара 53 миллиард 300 миллион сом, хаам бира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Амма цигахь болх беш, 8 белхан меттиг кхоьллина волу, цхьа инвестор а бен вац. Ткъа бизнесан компанеш а, Iедало а луш долу ахча догIуш дац планаца дайа дезачуьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG