Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь пост зорбане яьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен министрийн кабинетан декъашхой хастош.
Цо тIехдика мах хадийна Iедало кхушеран хьалхарчу 6 баттахь бинчу белхан.
Кадыровс чIагIдарехь, дIадаханчу эха шарахь 35 барт бина Нохчийчуьрчу Iедало пачхьалкхан программашкахь дакъалоцуш, ткъа цо аьтто бина республикан 7 сов миллиард соьмана субсидеш карон.