ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп а, Путин а цхьаьнакхетар ву кху беттан 7-чу дийнахь


Дуьххьарлера цхьаьнакхетар хир ду Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президентийн Трамп Доналдан а, Путин Владимиран а кху беттан 7-чу дийнахь, Германерчу ХIамбургехь хир йолчу G-20 саммитехь.

Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчо Ушаков Юрийс, хаам бо РИА Новости агенталло.

ХIара шо даладелчхьана Трампа а, Путина а кхузза къамел дина телефонехула. Стигалкъекъа-бутт болалуш шина президенто хаам бира шаьшшиъ цхьаьнакхета лаам болуш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG