Оьрсийчуьрчу Хьалхарчу телеканало а, Китайн коьртачу телевизионо а барт бина Китайхь Оьрсийчоьнан керла «Катюша» телеканал гайтар дIадоло. Цу канало программаш гойтур ю оьрсийн маттахь, китайх лелочу маттахь субтитрш а йолуш.
Хьалхарчу каналан инарлан директоро Эрнст Константина дийцарехь, «Катюшин» хьалхара программаш гайта йолор ю Китайн цхьайолчу кIошташкахь кхушарахь. ТIейогIучу хенахь уьш ган аьтто хир бу ерриг а Китайн территорина тIехь.
Товбеца-беттан 3-чу дийнахь Оьрсийчу официалан визитаца веана Китайн куьйгалхо Си Цзиньпин. Оццу дийнахь иза цхьаьнакхийтира Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. ТIаьхьо хиина Путина Си Цзиньпинна «Андрея Первозванного» цIарах орден елла хилар.