ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн спортхо Амриев лаца гIоьртина полисхой Пятигорскехь


Амриев Мурад
Амриев Мурад

Нохчийн спортхо Амриев Мурад дIалаца гIоьртина Пятигорскера полисхой. Цу гIала иза садаIа вахана хилла, Нохчийчохь шена дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх сацийначул тIаьхьа.

«Медиазоно» бинчу хаамца, Амриев Пятигорскерчу хIусамера дIаваха кхиийна полисхой чубахкале.

Цу гIалахь иза вехаш хилла «Къизаллашна дуьхьал комитетан» декъашхочун Гусев Константинан петарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG