ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн спортхо Амриев хIинца а латтош ву лаца кхайкхийначу нахана юкъахь


Къизаллаш лелорна дуьхьал комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора дийцарехь, нохчийн спортхо Амриев Мурад хIинца а латтош ву зуламаш дарна Оьрсийчоьно лоьхучу нехан цIерийн базехь.

Каляпина дийцарехь, иза цу юкъара дIаваккха аьлла леррина дехар деш кехат хьажийна цо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире. Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу бакъонашларйон вовшахтохараллан сайт тIехь.

Кху деношкахь Амриев дIалаца гIоьртина Пятигорскера полисхой. Цу гIала иза садаIа вахана хилла, Нохчийчохь шена дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх сацийначул тIаьхьа.

Цу гIалахь иза вехаш хилла «Къизаллашна дуьхьал комитетан» декъашхочун Гусев Константинан петарехь. «Медиазоно» бинчу хаамца, Амриев Пятигорскерчу хIусамера дIаваха кхиийна полисхой чубахкале.

Полисхоша аьлла шаьш дахкаран бахьана «лулахоша сигнал» ялар дара аьлла. Амма цул хьалха, Гусевн хIусаме а веана, Амриевн кехаташ а теллина, оьшу йозанаш а дина, дIавахана хилла цу куьпара полицин инспектор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG