1000 гергга салти гIаттийна Нохчийчохь куп тоьхначу 42 эскаран дивизера къилба тIеман гонан буьйранчо инарло Дворниковс, церан тIеман жигаралла а, говзалла а зуьйш.
ГIагIдиллинчу техникан салташна Iалашо хIоттийна Ростох кIоштахь йолчу Кузминкерчу полигоне дIакхача. Эскархой сихха цига дIабаха безаш ву аьчга некъаца а, гIагIдиллинчу техникан коврашца а.
ТIеман говзалла а, жигаралла а зуьйш Нохчийчуьра баханчу салташа а, эпсарша а кхиссарш дийр ду Т-72Б3 танканаш тIера а, БМП-2 тIера а, цхьаьнаметта ракеташ тухучу БМ-21 «Град» системашшца а.