ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратовхь Волга хи чохь лоьхуш ву Нохчийчуьра студент


КхоалгIа де ду орцанхоша Волга хи чохь жима стаг лоьху. Хин йистехь бедарш а карийна, иза лахахьара аьлла, полице орца дехна наха, хаам бо «Регион 64» агенталло.

Цу бедаршца кехаташ карийна 23 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочун Успанов Турпалан цIарах. Иза студент ву Поволжскан кооперативан институтан.

Гергарнаш зIене бовла гIоьртина Турпалца, амма жоп делла кхечу стага, цуьнан телефон а, мухIар а бердан йистехь карийна шена аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG