ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчура а, Эмираташкара некъахошна бакъо елла кемана ховшуш шайца электроника схьаэца


Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу Emirates авиакомпанино дIахьедар дина карахь ноутбукаш а, планшеташ а, кхин йолу электроника йолуш кеманашна тIе бовлар доьхкуш бина сацам юхабаьккхина Iамеркан Iедалша аьлла.

Изза хаам бина Turkish Airlines авиакомпанино а. Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, цул тIаьхьа Британино а дихкинера шайн махка богIучу некъахошна шайца мобилан телефонаш йоцург кхин йолу электроника карахь кеман тIе яккхар.

И керла дехкар хьакхаделлера коьртачу декъана бусалба нах бехачу 8 пачхьалкхарчу (Туркойчоь, Марокко, Иордани, Мисар, Эмираташ, Катар, СаIудан Iаьрбийн пачхьалкх, Кувейт) 9 авиакомпанех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG