ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спортхо Амриев дIаваьккхина федералан лехамера


Оьрсийчоьнан МВД-н Ставропол махкахула йолчу урхалло юхаталлам бина нохчийн спортхо Амриев Мурад федералан лехамехь ву боху хаам. Гучудаьлларг ду иза Iедалша лоьхучу зуламхойн базана юкъара дIаваьккхина хилар, хаам бо «Кавказский узело».

Кхаарин Iуьйранна Къизаллаш лелорна дуьхьал комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора дIахьедар динера, нохчийн спортхо Амриев Мурад хIинца а латтош ву зуламаш дарна Оьрсийчоьно лоьхучу нехан цIерийн базехь аьлла.

Каляпина дийцарехь, иза цу юкъара дIаваккха аьлла леррина дехар деш кехат хьажийна цо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире. Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу бакъонашларйон вовшахтохараллан сайт тIехь.

Кху деношкахь Амриев дIалаца гIоьртина Пятигорскера полисхой. Цу гIала иза садаIа вахана хилла, Нохчийчохь шена дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх сацийначул тIаьхьа.

Цу гIалахь иза вехаш хилла «Къизаллашна дуьхьал комитетан» декъашхочун Гусев Константинан петарехь. «Медиазоно» бинчу хаамца, Амриев Пятигорскерчу хIусамера дIаваха кхиийна полисхой чубахкале.

Полисхоша аьлла шаьш дахкаран бахьана «лулахоша сигнал» ялар дара аьлла. Амма цул хьалха, Гусевн хIусаме а веана, Амриевн кехаташ а теллина, оьшу йозанаш а дина, дIавахана хилла цу куьпара полицин инспектор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG