ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн йиш тайна рогIера къонах бехке вина Iедалша


Устрада-ГIалин вахархо (цIе йоккхуш яц) ву Iедало жоьпе озийнарг, хаам бо "Кавказский узело". Цо илланчан Муцураев Тимуран йиш хIоттийна хилла "ВКонтакте" йолчу шен йолчу агIоне.

Иза гучудаьлла интернетехь мониториг ечу прокуратуран белхахошна. И йиш экстремизман чулацам болуш ю аьлла йихкина хилла Оьрийчохь ладогIа а дIаяржо а.

Юьйцург муьлха йиш ю хууш хьулдина ду. Таханлерчу денна Муцураен иттанннаш эшарш ю Оьрсийчохь йихкинчарна юкъахь. ХIора баттахь аьлча санна цхьацца стаг бехке во прокуратуро, царах пайда эцна олий. Царна юкъахь бу 15 де набахтехь яккха хан тоьхнарш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG